2023 - Нохчийн меттан шо!

«Кхо  х1ума  ду  дуьненчохь

даима  цхьаьна  хила  дезаш,

вовшех  даьхча  кхуьй а леш:

Даймохккий,  ненан моттий, халккъий…»

                                                                                               /Сулейманов Ахьмад/     

 

 

               

Муьлхха а къоман мотт – иза къоман юкъараллин дахар кхиоран, цуьнан син-бахаман а, материальни а, прогрессан а коьрта г1ирс бу.

Ткъа «Ненан мотт» бохург – иза баккъалла а доккха хІума ду. Нохчашна чlогlа хьоме бу Ненан мотт а, вина мохк а, къоман 1адат а, г1иллакх а. 

Халкъан академик, 1илманча, публицист, фольклорист, волчу профессора Джамалханов Зайндис нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла. «Ненан мотт-халкъан дахаран хазна йу. Мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г1ирс бу. Халкъан мотт – халкъан историн куьзга ду».

Вайн республикан Конституцин итталгІачу статья тІехь билгалдаьккхина ду нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш хилар. И ду цу шина а меттан цхьабосса бакъо хила еза бохург.

2023-г1а шо нохчийн меттан шо ду аьлла д1акхайкхийна ду вайн республикехь. 2022 шеран лахьанан (ноябрь) беттан 28-чохь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2023-гӀа шо Нохчийн меттан шо дӀакхайкхоран хьокъехьчу Указна куьг йаздина. Цу тӀехь билгалдаьхна Нохчийн меттан шо дӀакхайкхоран бахьанаш: Нохчийн мотт а, нохчийн халкъан культура а, ламасташ а Ӏалашдаран, кхиоран, даржоран Ӏалашонаш.

Нохчийн халкъан кица ду: «Мотт бу – халкъ ду, мотт бац – халкъ дац», – аьлла.

Цундела Ненан мотт кхиорехь, lалашбарехь, цуьнан сий дарехь къа хьоьгуш хила веза халкъан хlора а векал.

 Об объявлении 2023 года в Чеченской Республике Годом чеченского языка Скачать